Kontakt

Sintar

osu.sintar@gmail.com

tel: +48 667 431 580

Fanpage

Facebook By Weblizar Powered By Weblizar

Синтар

Синтар кхуллуш, оха йуьхьар лаьцна коьрта 1алашо, – рицкъ а хилла, Даймахках хаьдна, Варшавехь дахар нисделлачу вайнеха, даьнна а нислу шайн дезарш листа аьтто болуш меттиг кхолллар йара. Синтарехь, вовше дагабовлуш а, вовшашна накъосталла деш а хьоттийначу хьоло, г1о дан декхар ду аьлла хета, Польшаьхь дечу мехкаллина а.

Цул совнаха, Синтарехь тхаьш бан леринчу белха хьесап билгал доккуш, оха сацийра, – диллина долу дешар 1аморал совнаха, вайн схьадовларца доьзна долу, вай доцуш цатарлуш долу г1иллакхаш а, цуьнца боьзна болу баьхкамаш а,- хьеха. Къайлаха дац, дика-во деача а, диллинчу дахарехь а, вовше т1екхочуш хилар а, нислучу барамехь гергарлонаш лелор а, аьтто хилча цхьнагулбалар а, – вайнеха г1иллакхца а, амалца а дог1уш хилар. Хьиццалца и тайпана меттиг цахилехь а, тахана Синтар, берашна аьхна меттиг хиларал совнаха, вайнах цхьанакхета а, вовше дагабовла аьтто болуш а, меттиг хилла д1ах1оьттина. Тхо цунах ч1ог1а даккхий а де.

Тхо лууш ду, тхешан ниц1къ кхачахь, Синтарехь, кху замане жьаьжна, – халонаш йийцаре йарал совнаха, уьзуш листа а, даьрзо а, аьтто болуш, – баьркате хьалъ кхолла. Дитт, махаъара Синтарах хуьлуш ду. Тахана вайн къома «Синтар» – вайн бераш ду. Дешарца тесначу орамаш а, яхьца юьйзинчу уьранаш а, – Даймахка ц1адирзича, хьакъдолу стом лург хиларх таьшна ву, дуьххьара синтар кхолла дагадеана а, х1инца окху проекта куьгалхо волу а, – 1адгер 1ийса.

« Кавказан Къаьмнийн Культурийн Институт » ц1е йолчу цхьанакхетараллой, «Дехье» ц1е йолчу фондой, цхьани д1акхоьхьуш йолчу окху « Синтар » проекто йуьхьар лаьцна кхо х1ума :
• Дешаран барам лакхабаккхар ( к1аьсттина зударийн, берийн )
• Кху махкахь бехаш болчу вайнехан вовши уьйраш йузар
• Вайнеха махкалдарехь бен болх эвсар а баккхина, махуьлла, бухахь дехачу къомаца йолу йукъаметтиг, – хьакъдолчу кепара г1иллакхе а, аьхна а, яьрзор

Цул совнаха, проект шен цулацамца ч1ог1а хорше йог1у, кхийолчу хьакъ йолчу институташ, – махкарабоцчу, массо а тайпана беженцашна лерина йу бохуш кхайкхаме йечу программийн духе бехкинчу, – чулацамашца. Масала:
• Бухахь долчу къома мотт а, культура а 1амор
• Бухарчу а, т1едеанчу а къаьмнийн, культурашкахь а, г1иллакхашца а, терахьашца а долу, тоьлладерг, вовше довзийта лнрина цхьнакхетарш дар.
• Массо а махкара боцу, тахана Польшехь нисбелла куьц-куьцарчу къаьмнийн векалш, вовше, шаьш-щаьш лелорг а, шайн кхиамаш, цхьанакхеташ дийцаредар.

Иштта лакхара махъ хадийна йолу аг1ошаш, бечу белха духе йехкина хиларал совнаха, ша белхан тоба а ю Синтара, ша тайпа башхалла йолуш: – дукхахболу белхалой а, дезарш цхьалха дохурш а, г1оьчий а, – шаьш бежанцаш бу.
Ткъа иза, шеко йоцуш, уггаре мехалла аг1о йу, «Синтар» аьлла йолчу проекта.